
Лаьмнашкахь ткъес
Роман народного писателя Абузара Айдамирова «Молния в горах» – вторая книга трилогии «Долгие ночи». В ней показаны события, связанные с восстанием чеченских и дагестанских горцев под предводительством Алибека Алдамова. Автор создал яркие образы своих героев, которые полюбились чеченским читателям.
Сихха жоп ца луш, стоьла тIе пӀелгийн йуьхьигашца вота а йетташ, сeцира Смекалов.
Читать фрагмент
Читать ещёЗакладка:Абузар АйдамировЛаьмнашкахь ткъесСайн некъан тешамечу накъостнамухIажарнаХьалхара дакъаДорцан йуьхьI корта.Шийтта шо даьлчаСайн дуй ас ларбина, сий деш.И бицбеш минот сан йалахь,Дуьне а, эхaрт а къахьдеш,Cox бекхам оьцийла Дала!Ш. Петефи. Хьалхара дуй1Гати-Юьрта кIел, Яьсси-хин йистонца, итт урд хиллал нийса йеакӀов аре йу. Йуьртарчу къеначу нахана а дага ца йогIу, цигара хьун а хьаькхна, йага а йина, дIа а йаьккхина, и аре леррина шарйеш тойина хан. ХІор а шарахь хуьлу хьуьнарийн хьийсарш дIадахьа шайн дендайша кечйина йу иза, олу цара. Цхьана хенахь и тайпа деза денош, цара дийцарехь, сих-сиха хиллачух тера ду: бIaьстенан оханаш долош а, гуьйранна йалташ чудерзийча а, ломара даьхний цIа дирзича а.Амма иза мацах цкъа хилла. ДІaихначу бIeшeраша дуккхана а тIе шен цIеран сиз хьаькхна. ТІaьххьарчу шерашкахь кхузахь хьуьнарш къовсар вовшахтуху воцчунна кIант вича а, йа Сибрехара, …
Иногда самые важные истории начинаются с первой страницы.






Комментарии 0